Государственное бюджетное общеобразовательное учреждение "Центр образования имени Первого Президента Чеченской Республики, Героя России Ахмат-Хаджи Кадырова"

Тахана, оханан беттан 27-чу дийнахь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу Дешаран Центран 6-чу классехь д1айаьхьира рог1ера нохчийн литературин йиллина урок.

27.04.2024

Дешархоша хьехархочуьнца цхьаьна дийцаре дира Мусаев Сулиманан « Даймахке боьду некъ» ц1е йолу дийцар. Нохчийн меттан, литературин хаарш а толлуш, дешархошна йукъахь д1абаьхьира цхьа шатайпа самукъане болх…Кхузаманан лехамашца дог1уш, хьехархочо ша кхочушдан леринчу жам1ашка кхача эвсаречу методикин некъех пайда а оьцуш, говза вовшахтоьхнера урокана коьчал.Бераша бинчу балхаца гуш дара урокан йуьххьехь х1иттийнчу 1алашонашка уьш кхаьчний.Дала т1аьхье беркате йойла!