Беза, бовза ненан мотт!
16.02.2024Нохчийн Республикин Дешаран а, lилманан министерствон тlедилларца Нохчийн меттан институто дlахьучу «Беза, бовза ненан мотт!» цlе йолчу регионан этнографин диктант йазйарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цlарахчу Дешаран центран дешархоша а, иштта хьехархоша а.
Дуьненайукъара ненан меттан денна лерина дlахьучу оцу мехалчу белхан lалашо йара ненан маттах , литературех, иштта къоман культурех долу хаарш кlаргдан а, оцу декъехь кхин а сов довза лаам гlаттор а.Дала тlаьхье беркате йойла!