День Чеченского языка

25.04.2026

Оханан беттан 21-чу дийнахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цlарах йолчу Дешаран Центрехь схьадиллина Ненан меттан денна лерина кlира. Цунна лерина 1-8-чу классийн дешархошна йукъахь дlайаьхьира «Ненан мотт – сан дозалла» къастош йешаран конкурс. Дешархоша хаьржина хlора байт а йара ненан меттан сийлалла, цуьнан хьалдолуш хилар довзуьйтуш. Шайн жигара дакъалацарца дешархоша бовзийтира нохчийн матте болу шайн цlена безам а, шовкъ а. Конкурсан декъашхошна тlехь долчу къоман духаро а, церан самукъане хьийзаро а гойтура церан толаме кхача болу болатан лаам. Дала аьтто бойла массеран а! Дала вешан ненан меттан, дайн оьздачу гlиллакхийн сий-ларам бан кхетам а, пурба а лойла вайна!

https://max.ru/id2014036900_gos/AZ3EuhqVAGQ